«Йуьхьанцарчу классийн хьехархошна методикин гӀо-накъосталла» цӀе йолу семинар.
Нохчийн меттан институт Нохчийн меттан институт
447 subscribers
53 views
1

 Published On Nov 14, 2023

2023-чу шеран лахьанан беттан 14-чу дийнахь Нохчийн меттан институто Гуьмсан муниципальни кӀоштан Дешаран урхаллица цхьаьна дӀайаьхьира «Йуьхьанцарчу классийн хьехархошна методикин гӀо-накъосталла» цӀе йолу семинар.
Семинаран Ӏалашо – йуьхьанцарчу классийн хьехархошна нохчийн литература хьехарехь методикин гӀо-накъосталла дар.
Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, йистхилира Дешаран урхаллин методикин кхачойаран отделан куьйгалхо Азиева КъахӀиман Тамара. Шен къамелехь цо йовзийтира семинаран Ӏалашо а, дӀабахьа лерина болх а.
Цхьаьнакхетарехь Нохчийн меттан институтан директоро Овхадов Рукъманан Мусас тидаме ийцира нохчийн литературин Ӏаматаш шайн дӀахӀоттамца а, чулацамца а федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца цхьаьнайар мехала гӀуллакх хилар. Иштта билгалдаьккхира йуьхьанцарчу ишколана лерина арайевлла керла Ӏаматаш оцу лехамашца йогӀуш хилар.
Кхин дӀа семинаран болх дӀабаьхьира йуьхьанцарчу классашна леринчу нохчийн литературин Ӏаматийн авторша: Бадаева Ӏайшата, Алиева Заринас, Халикова Асета. Цара йовзийтира керлачу Ӏаматийн дешаран-методикин комплект, ткъа иштта, керлачу Ӏаматашна тӀехь йалийнчу методикех кхетам а луш, церан хаттаршна дуьззина жоьпаш делира. Цул сов, хьехархойн методика тӀейузуш, царна гӀо-накъосталлина электронни кепехь тӀеоьшу материалаш а йелира. Цо аьтто бийр бу хьехархочун болх мелла а кхачаме бало.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь хьехархоша баркаллин дош элира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министрана Дааев Буарин Хож-Баудина, республикерчу ишколашкахь вайзаманан хьежамашца догӀуш нохчийн мотт, литература хьехаран хьал кхолларна. Уьш тешна бу керлачу Ӏаматашца дешархой Ӏаморо церан хаарш лакхарчу тӀегӀан тӀе дохург хиларх.

show more

Share/Embed