NAZMA studio_"Схьахетарехь, деха хир ду дахар..."_Магомадова Зара
NAZMA STUDIO NAZMA STUDIO
3.33K subscribers
1,506 views
31

 Published On Nov 8, 2020

✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.

✅По вопросам сотрудничества обращаться по электронному адресу [email protected]

✅Наш основной канал
   / @nazma-studio  

✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
https://www.paypal.com/paypalme/NAZMA...

✅Наш второй канал
   / @malikaguno  

✅Мы в соцсетях:

фейсбук
https://www.facebook.com/profile.php?...

инстаграм
  / isa_keloev  

одноклассники
https://ok.ru/nazma.studio

📌📌📌

"Марзонийн цинцаш" цlе йолу NAZMA студин проект.
Байт йоьшуш ерг ю Магомадова Зара.

ХIинца йолаели-кх хьуна ткъорш,
ХIинца ву-кх хьо цIийнан сонийн тутмакх.
Пеша хьалха цIарах хеба дорс,
Тар а тесна хьийза Ненан урчакх..

ХIинца юззий латаелахь пеш,
Хьайн дог дуззий латаелахь ойла.
Кора хьалха мокха йоьлху беш,
Ца лиънера-кх иза гIийла гойла..

Ца лиънера-кх гIийла гойла и,
Урамашкахь хьан са деха кIотар,
Амма хено шийла яссайи
Хьан иллешца екна хьаннийн хотеш..

Ца лиънера-кх гIийла гойла и,
Шен куьйгаш тIехь хьо техкийна Нана,
Амма хено некъ хьан идаби,
Ворда санна, соцур бохуш кхана..

Ца лиънера-кх! ХIун дер тIаккха? ХIун?
Нисдалар а наггахь маьIне хилча.
Ахь хьайн даг чу гулде хенан хIу,
Сингаттаман орам бохбе цIийца..

Схьахетарехь, деха хир ду Iа,
Схьахетарехь, деха хир ду дахар.
Дерриге а дагалаца ахь,
Хьайн синпхенах бохуш мисар-маха..

Дагалацам дарба ларий хьайн,
Сица малло, дегалазам бойуш,
Хезар хьуна, маьлхан басахь сай,
Дашо бIаьргаш бешна хьайга кхойкхуш..

Карладаккхий, цкъа тIаьххьара, цкъа
Дагалаца хIинцца аьхна урд ахь,
Малхехь лепа кIайн кир тоьхна цIа,
Хьан туьйранех хьол а тешна юрт а...

Карладаккхий, латаелахь цIе,
Дагалецам синан пеша тиллий.
Цхьаллин чиллехь адам дохден цIе
Цхьаъ ю хьуна - бIаьрхил довха илли!

Елхарх хIун ду коран хьалха беш?
Хьан сингаттам малхал цIена гойла-кх!
ХIинца юззий латаелахь пеш,
Хьайн дог дуззий латаелахь ойла...

Бисултанов Апти

show more

Share/Embed