Iела ДИМАЕВ - Бераллин мерз
neqaho neqaho
3.67K subscribers
26,871 views
200

 Published On Apr 11, 2012

БЕРАЛЛИН МЕРЗ

ГIайгIане ойланаш хьоьгIуш,
ТIесерсаш ду дехкан дерз.
Мартанан йистте со воьхуш,
Бекаш бу бераллин мерз.

Хьийзадеш догIанан серий,
ЦIеххьана тохало мох.
Хьан йина сан ойла хьере?
Хьенан бу лерера мохь?

Кхин цкъа а хазийта суна,
Доьху хьоь, и мерза зов!
Ца хеза. ХIуммаъ дац гуонах.
Хилла и сан деган ов.

Шен хьаьрса кIозарш а лестош,
Гуьйрено тийжамаш бо.
Мартано тулгIешца хьоьстуш,
ДIахьош сан бералла го.

Абу ИСМАИЛОВ

show more

Share/Embed