дешнаш : Бисултанов Апти
hazayoza hazayoza
1.47K subscribers
8,748 views
168

 Published On May 25, 2022

Мара дlагlортталца дlагlур ву хьо,
Кlесаркlаг галлаца синтем ца гуш.
Барми тlе виллина дlахьур ву хьо,
Самах сатийсинарг гlенах а гуш.

Цхьажимма лахделла-м хетар ду цlа,
Лакхалла къевсина доьттинарг цlийца.
Тезета гулбелларш боьрзур бу цlа,
Ахь вовшехтоьхна хьал вовшашка дийца.

Хьайна тlе базбелча упханан тхов,
Дегlана гатделча и кошан лахьта,
Дуьхьалатуьйсур дац диллина ков,
Дуьненна хьалха хьо гlадвахна латтар.

Диканан лар йоцуш кхачийна са,
Дисича дахаран марзонах хьега,
Хьан къина доьлхур дац хьан лекха цlа,
Хьан къина йоьлхур яц аьнгалин пхьегlаш.

Ширдала доьлча хьан кошера чурт,
Хьо вицван кхиъча хьан ворхlалгlа кlант а,
Хьан къина йоьлхур яц хьо вина юрт,
Хьан къина доьлхур дац ахь хьешна латта.

Бисултанов Апти

show more

Share/Embed