Сахаб Межидов - Теркаца Суьйре
Мукъамаш Мукъамаш
88 subscribers
22,233 views
168

 Published On Apr 7, 2020

Иллин Дешнаш:

Теркаца суьйре ю хаза еъна,
Жима к1ант хин йисте йо1 ган веъна,
Безамо шен кийра ц1е латийна.
Исбаьхьчу аматах лаам хьегош,
Лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош,
Шен даго хьулдинарг к1антех лечкъош.
Исбаьхьчу аматах лаам хьегош,
Лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош,
Шен даго хьулдинарг к1антех лечкъош.

Эсала, ховха дог доьхна дайна,
Вист хилир жима к1ант синтем байна,
Ала, йо1, х1ун бала хьоьга кхечна?
Бала бу сан коьртехь доза доцуш,
Сан наха хьо везар дита бохуш,
Сан кхоллам кхечуьнца бовзар лоьхуш.
Бала бу сан коьртехь доза доцуш,
Сан наха хьо везар дита бохуш,
Сан кхоллам кхечуьнца бовзар лоьхуш.

Тахана саготта ма хьийза х1ай,
Кхолламан дай хила хьакх деца вай,
Ширачу г1иллакхе ма хьийзалахь.
Парг1ате зама ю вайх нах йинарг,
Харц эшо нийсонан некъ 1аминарг,
Хьо соьца д1а йола ас леринарг.
Дай хаза г1иллакх ду вайх нах динарг,
Харц эшо нийсонан некъ 1аминарг,
Хьо соьца д1а йола ас леринарг.

Къоналли ирс толо дешнаш хезна,
Хьомсарчу безамца дахар дезна,
Т1етайра хаза йо1 б1аьрхиш лекхна.
К1ента куьг кхетаза куьг схьа лецна,
Х1усаме боьду некъ юьхьер лецна,
Акхтаргийн 1индаг1ехь уьш д1а байра.
К1ента куьг кхетаза куьг схьа лецна,
Х1усаме боьду некъ юьхьер лецна,
Акхтаргийн 1индаг1ехь уьш д1а байра.

show more

Share/Embed