Iела ДИМАЕВ - Боданан шал белшех хьарчийна...
neqaho neqaho
3.67K subscribers
5,812 views
54

 Published On Nov 13, 2011

Боданан шал белшех хьарчийна,
Базбелча къастаран бала,
ЦIерпоштан чкъург харц ца карчийта,
ДоIанаш дийр ду-кх ахь, Нана.

Хьайна ца девзачу бIешаре,
Хьайн Деле, дикачу нахе,
Буьйсане, беттасин эшаре
Со воьхур ву-кха ахь, Нана.

Ца хууш, хьайн бIаьрхин декхаро
Ца вуьтий со паргIатвала,
Ца хууш, хьайн цIенчу дехаро
Байбойла къастаран бала.

Боданан шал белшех хьарчийна,
Базбелча къастаран бала,
ЦIерпоштан чкъург харц ца карчийта,
ДоIанаш дийр ду-кх ахь, Нана.

Апти БИСУЛТАНОВ

show more

Share/Embed